Тидар


98 - Сурат Альбаййина (Билгало)
(Мадинатехь доьссина , 8 аят ду).
Аллах1а ц1арца дозадоцуш шорта а , даиманна а болу къинхетаман Да волчу .


1.Шайн некъ битана ма бац керстано (жуьгташ , эрмалош ) а , ц1уйшна , жа1аршна лолла дечар а , (элчане йоьссина къуранан) бакъо шайна яллалца
2.Элча вара иза , Аллах1а ша ваийтина , тептарш чу яздина , харцонах , хийцарах ц1ена долу къур-ан доьшуш , (хьоьхуш веанарг)
3.Шена чохь нийса (аьхна) аяташ , хьукманаш (сацамаш) долуш
4.Бекъабелар шайга жайнаш (Муса -таврат , 1ийса-Инжийл ) диссинарш бакъо (къур-ан) еача (тобанашка , бакъ дийраш , ца дийраш хилла)
5.Цаьрга кхи дина омар ма дацар :" Аллах1ана доггаха , накъост вар доцуш , бакъоне туьйжаш лолла делаш , ламаз делаш , закат лолаш "- алар бен , иза (оцу хьал т1ехь дерг) ду нийсонна т1ехь долу уммат (тоба)
6.Баккъалла а , жайнаш т1едиссиначу тобанах керста хилларш , Делаца накъостий лецнарш а , жоьжахата ц1ергахь хир бу , чура арабевра боцуш (даиманна а) . Дела кхолламах уггара декъазнаш бу уьш
7.Баккъалла а , ийман диллина (Делах тешна) , дика 1амалаш (белхаш) йинарш , Дела кхолламах уггара тоьллараш бу (декъала хилла тоба ю)
8.Далла гергахь царна хир йолу ял : к1елахула татолаш лела бошмаш (ялсаманеш) ю , оцу чохь 1ар-дахар хедар доцуш , даиманна хир долуш . Дела реза хилла царна (хедар доцу ни1мат даларца) , халкъ а хилла (Далла) реза шайна динчу диканна (совг1атна) . И деригге а дика , Делах (дозанаш лардарца) кхийранчарна хир ду